ненан марзо.🕊

8 1 0
                                    

Тахана, кху хазчу дийнахь,
лаъарa-кха декъал йан хьо,
мел боккха бала ахь лайнехь,
хьо йолуш, ас хастам бо!

Йахалахь, тахана кхана,
хьо йоцуш сан дахар дац,
баркалла, олу ас - нана,
хьо мел йу со йухур йац.

Жимачохь, сан ага техкош,
хийла ахь наб йайъина,
буьйсанна, со мара къуьйлуш,
хийлазза хьо йилхина.

Со йоккха хилла д1а х1оьтти,
дуьнена чам боьвзина,
атта ду,жимачохь моьттург,
х1инцам суна схьа ма гина,

Доьзаллехь, во1 вац хьайн алий,
хьо йохий ма хьийзалахь ,
бу хьуна шортта хьан йо1рий,
б1аьрг тоха де доьхча хьан

Дуьненахь, хьо ирсе гойла,
б1аьргаш ма делхийла цкъа,
хьо Дала декъала йойла,
сан хьоме, дика - нана.

автор 🪶: х.жовхар м-салаховна!
тг: irch_staag

нана. Where stories live. Discover now